Маршо Радион фотокорреспондента йовзуьйту шира юрт Хорачу.
Даймехкан битамаш.Хорачу.
Жима ю Хорачу. Амма деха цигахь комаьрша адамаш, хьаша-да ларамца тIелоцуш, дайн оьзда гIиллакхаш, ламасташ лардеш. Боккха ларам бу нохчийн оцу юьрте цо къомана дог-майра Обарг Зеламха валарна.
1
Веданара Хорачу боьду некъ.
2
Некъаш, тIемаш бирзинчул тIаьхьа тодеш, шардина.
3
Хорачу ма кхеччи, гучуболу Обарг Зеламханна хIоттийна хIоллам.
4
Советан заманахь дуьйнна Сирж-Эвлахь лаьттира обарг Зеламханан хIоллам, тIемаш бирзинчул тIаьхьа ша ваьхначу Хорачу цуьнан юьртахоша схьабеара.