Баймурадова йеран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна, Сочихь Путинан кабинетах терра чоь кечйина, иза волу меттиг къайлайахьа, Кадыровца хилла дов бахьана долуш балха лелаш вац Дагестанан цIарах сенатор Керимов.
Баймурадова йерца доьзна бехктакхаман гIуллакх
Ереванехь Нохчийчуьра Баймурадова Ӏайшат йийначул тӀаьхьа бехктакхаман гӀуллакх долийна "стаг вер" аьллачу Iедалан къепехула. Цу гIуллакхна бехке ву аьлла, шина стагах шеконаш йу. Цкъачунна церан цӀераш йовзийтина йац Эрмалойчоьнан Ӏедалша.
"СК SОS" кризисан центрера бакъонашларъярхошка гIуллакх листа долорах лаьцна информаци кхаьчна Эрмалойчоьнан Талламан комитетера. Урхаллин кехат тӀехь йаздина ду, гIадужу-бутт йуккъе баьлча Ӏайшатан дакъа карийначу петарехь низамхоша талламаш бина, тешашка хеттарш а дина, масех кхелан экспертизаш йан омра а дина, шайна йукъахь зулам динчу меттехь карийначу пӀелгийн лараш а йолуш аьлла.
Шиъ шеко йолу стаг лехаман тептаре а ваьккхина, лаца кхайкхийна.
Хьалхо Эрмалойчоьнан Ӏедалша нахаладаьккхира Баймурадова йийна карийначу гӀишлонна арахьа хIиттийначу видеокамераша дIайаздинарг.
ТӀаьххьара цу петарера арадаьлла ши адам: 31 шо долу Иминова Карина а, 30 шо долу нохчийн къомах волу Байсаров Сайд-Хьамзат а.
«Марем» кризисан тобано бинчу хаамца, инстаграмехула йевзина хиллера Иминова Баймурадова Ӏайшатана. Ша йеле цхьа де хьалха цуьнца цхьаьнакхета йахана а хиллера Баймурадова. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, Иминовас харцдерг дийцина хиллера шех лаьцна. ТIаьхьакхиъна х1инца, и йоI Нохчийчохь хилла хиларна а, махкара дIабахана хиллачу кхечу нахаца а иза цхьаьна йетталуш хилар. Ишта боху, Кадыровн гонерчу нахаца иза йоьзна хила тарлуш йу а.
Байсаров Сайд-Хьамзат нохчийн гоьваьллачу бизнесхочун, Кадыров Рамзанан доттагӀчун Байсаров Русланан гергара стаг ву. 2018-чу шарахь Сайд-Хьамзатана тӀехь кхел йира терроризмна ахча латтийна цо аьлла, амма тоьшаллаш цахиларна дерриг а бехкаш тIера дехира тIаьхьо. Цул тӀаьхьа кхин а шозза жоьпе озийра Байсаров: малар мелла машен лелорна а, къола дарна а.
Билггала Байсаров а, Иминова а бехке дуй Баймурадова Ӏайшат йерна, хууш дац. Иштта къастаза дуьсу, хилларг ма-дарра Нохчийчоьнан Ӏедалца доьзна ду йа дац а. Бакъду, республико иза харцдо, цара мелхо а бакъонашларъярхой бехке бо, Ӏайшатана шен доьзалера йодуш гӀо дарна.
Баймурадовас гӀо дехнера волонтерашка 2024-чу шеран гIуран-баттахь, доьзалехь шена тIехь гIело латтайо бохуш, латкъамаш бинера цо. Цунна гӀо дина мел лаххара а йозуш йоцчу шина кризисан тобано – лакхахь хьахийначу "SK SOS" центро а, "Maрeм" тобано а. Эрмалойчлхь болх а карийна, жигараллица шен социалан машанашкара аккаунт лелайора Iайшата, Кадыровн Ӏедална а, Нохчийчохь лелачу динан урхаллина а, меттигерчу божаршна а, бусалба динна луьйш.
Цо олуш хиллера, шена бакъонашларъярхо хила лаьа, кхечу зударшна гӀо дан Iалашонца.
Баймурадова йевзачара дийцарехь, цуьнан да тоххара ницкъаллин структурехь гӀуллакх деш хилла ву. Къаьсттинчу къамелашкахь Iайшата аьлла хиллера, шен денана Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан шича йара бохуш.
Сочира Путинан кабинет
Президентан Путин Владимиран Ново-Огарёверчу резиденцехь йолчу кабинетах терра чоь кечйина Сочехь а. Оцу кепара Кремло кхерамазаллин бахьанашца къайлайоккхуш йу президент билггал волу меттиг, хаам бо «Система» олучу талламан проекто.
Сочехь изза кабинет йу аьлла йаздира «Проект» гIирсо 2020-чу шарахь, ткъа хӀинца «Системан» журналисташа къастийна дубликатан офис билггал мичахь хир йу. Иза хир йу 2014-чу шарахь Олимпиадана аьлла йиначу «Бочаров Ручей» резиденцин дозана тIера керлачу гӀишло чохь.
Дуьххьара и кабинетан копи официалан тептаршкахь йукъ-кара гучуйолура, амма коронавирусан пандеми бахьана долуш карантин хIоттийначу хенахь, 2020-2022-чу шерашкахь, Путин кест-кеста пайдаэца волавелира цунах, чӀагӀдо талламан авторша. Церан хьесапашца а догIуш, 2023-чу шеран чиллан-баттахь дуьйна Сочера офис Кремлан хроникера дӀайаьллера ала мегар ду – хетарехь, Украино дронашца тӀелатарш дан кхерам хилар бахьана долуш, президент цигахь кӀезиг хуьлу.
Хууш ду, Ново-Огарёвохь йерг санна кечйина кхин а цхьа кабинет хилар Новгородан кӀоштарчу «Валдай» цIе йолчу резиденцехь.
Дикка хьаьжча, кабинетан копеш кхин а алсам хила тарло аьлла, дийцира текстан авторех цхьаъ йолчу Сурначева Елизаветас «Дождь» телеканалан эфирехь. Цо бахарехь, Путина лелош йу и кабинеташ-клонаш хӀунда аьлча, иза саготта ву арахьарчу кхерамна, мсала, шен резиденцина ракеташ тохарна.
Кадыровн гергара 100 стаг Ӏедалца воьзна ву
Дагестанана цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу Керимов Сулеймана парламентан а, сенаторан а меттигаш эцна, коррупцех пайда а оьцуш, Путинна тӀекхача аьтто а хилла цуьнан, кху тӀаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца даьлла дов бахьана долуш балха лелаш а вац иза. Цунах лаьцна хаам бина "Проект" зорбанан гӀирсо шен талламехь.
Журналисташа дийцарехь, таханлерчу дийнахь сенатор волчо шен карьера йолийна хилла Дагестанерчу мафин лидерийн бухгалтеран болх а беш. Цул тӀаьхьа цуьнан гергарло тасаделла хилла ЛДПР-н лидерца Жириновский Владимирца, 1999-чу шарахь цунна пхи миллион сом ахча а делла, Пачхьалкхан Думан депутатан мандат эцнера боху Керимовс. Ткъа 2008-чу шарахь Федерацин Кхеташонан декъашхо хӀоьттира Керимов – боху, иштта кхаьънаш а луш.
2000-гӀа шераш йукккъе дахча, йаздо "Проект" гIирсо, Керимов Сулейманан уллора доттагӀалла тасаделира карарчу хенахь президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца. ХӀетахь Путин Владимиран белхан график хIоттош верг вара иза. Дагестанхойн миллиардхочо Вайно Антонан доьзална деза совгӀаташ дора боху, масала, Москвахь лаьттан дакъа эцна а хилла, 46 метр «Марлин» цӀе йолу яхта а йелла хилла. Цунна дуьхьал Керимовн аьтто бира Путинна тIекхача, цунах сенаторо дукха дика пайда а оьцуш хиллера.
Масала, Путинан гӀоьнца Керимовн аьтто белира деши доккху «Полюс» компани эца, иза цуьнан хьал-бахаман бух хилла дӀа а хӀоьттира.
25 сов шо ду Керимов Оьрсийчоьнан парламентехь даржашкахь волу, амма цуьнан балха тӀехь дакъалоцуш вац иза, чIагIдо журналисташа. ТӀаьхьарчу хенахь сенатор ур-атталла Федерацин Кхеташоне балха а лелаш вац боху. Бахьана ду – шо хьалха Wildberries маркетплейс Russ рекламан операторх дIакхетар бахьана долуш иккхинчу девна тIехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна чIир кхайкхор.
Шайн доьзалера пачхьалкхан даржехь Керимов цхьаъ хилла ца Iа; цуьнан гергарнаш а бу лаккхарчу даржашкахь белхаш беш. Кавказхойн хьаькамашлахь кхоалгӀачу меттехь нисвелла сенатор, Ӏедалан даржашкахь а, пачхьалкхаца йоьзначу бизнесехь а алсам гергарнаш болчарлахь. Цуьнчул а дукха гергарнаш даржашкахь хиларца билгалваьлла журналисташна ГӀебарта-Балкхаройчуьра сенатор Каноков Арсен а, Кадыров Рамзан а.
Кадыровс балха хӀоттийна мел лаххара а 93 стаг, ларарш дина «Проекто». Оцу тептарехь бац цуьнан гонерчу нехан гергарнаш. Журналисташа билгалдоккху, Нохчийчохь «Iедал шен тIаьхьена карадалар низамца чIагIдина ду» ала тарлуш ду, зеделларг доцчу КадыровгIеран къоначу чкъурана куьйгаллин даржаш ло "гергарлонан бакъонца".
Масала, нохчийн куьйгалхочун воккхаха волу кӀант, 20 шо долу Ахьмад ву республикерчу спортан министраллан коьртехь. Цуьнан йуккъера кӀант Ӏели (Эли а олу цунах) ву Нохчийчоьнан боксан федерацин президент. Амма Кадыровн уггаре а «даржех вуьзнарг» ву, цуьнан 17 шо долу воI - Кадыров Адам.
Цо куьйгалла до шен ден кхерамазаллин сервисан, Нохчийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан, "Ӏуналла до" республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, Гуьмсехь йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а, Бенойн БойсгIаран а, Шейх Мансуран а батальонийн а, контрол латтайо ГIазза секторехь бехачу бахархошна латточу гIоьнна тIехь а.
Алаудиновца даьлла дов
"Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти йуха а хаамийн гӀирсашкахь вуьйцу скандала йуккъехь нисваларна. ТIамехьа болчу блогешца дов ду цуьнан. Бакъду хIинца «тӀеман корреспонденташ» а боцуш, Кремлана гергарчу пропагандисташа шаьш резадацар хаийтина цуьнга.
Лахьан-беттан йуьххьехь экстремизмца къийсам латточу центран белхахоша лаьцнера "Охранота V ватнике" z-каналан автор Кобелева Оксана. Цунна йуьхьанца бехк биллина хиллера, шен блогехь цо даим а гIортор латтош хиллачу Оьрсийчоьнан эскарна "дискредитаци йарна". Иза лацаран бахьана хиллера, хетарехь, цо Алаудинов Аптига дина хилла къамел.
Канало зорбане даьккхира шо хьалха нохчийн буьйранчаца динчу къамелан дакъа, цу тӀехь Алаудиновс мукӀарло до, тӀеман министраллан комиссино гӀалаташ даьхна хила тарло «Эрнест» а, «Гудвин» а цIераш лелош хилла Оьрсийчоьнан ши эскархо валар толлуш аьлла. Цара латкъамаш бинера, тIеман декъехь йухкуш наркотикаш йу аьлла, бохура, оцу тIехула шаьш штурм йан хьовсийра, кхин йуха догIур доцчу. Кобелевас критика йира "Ахматан" буьйранчана шеконаш хиларна, дIахьедира, цунна хетарг "экстремисташа" а, "арахьарчу агенташа" а бен даржош дац аьлла.
Алаудиновн куьйга кӀел болчара оцу сохьта "зетхо" полице дIа йалхийра, ткъа хӀара ду ша буьйранчас аьлларг: "Нах ца кхета, шаьш соьга "хеттарш дан" кхиъна боций. Ткъа хIун дийр ду, вай уьш хьекъале балор бу".
Шен «накъосташа» а, ур-атталла Оьрсийчоьнан коьртачу пропагандисто Соловьев Владимира а цхьа могIа критика йинчул тIаьхьа Кобелева Оксанас дӀайехира Алаудиновх лаьцна шен посташ, къинтӀера довлар дехнера.
Оццу хенахь Кадыров Рамзанан бIанакъостан дов даьллерам Кремлехьа йолчу Regnum агенталлан коьртачу редакторца а, президентан цIарах адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочуьнца Ахмедова Мариница а. «Ахматца» йоьзна йолчу цхьана каналехь цунна видео гинера, школехь доьшуш йолчу цхьана йоIа «Ахмат» декъах лаьцна байт йоьшуш. Цу тӀехь бохура, Алаудинов йоллу пачхьалкхана масал ду. «Байт йерзош аьлла дешнаш девиз санна дара: Дела цхьаъ ву, АллахӀ бакъ ву» аьлла.
Ахмедовас бохура, «Ахматан» командир «уггаре воккха хабарча- инарла ву», муьлххачу кепара а шена тIехь тидам хилийта лууш волу аьлла.
Цунна жоп луш, Алаудиновс дIахьедира, Ахмедована Iоттар йеш, «махкахь цхьаболу Навальныйн агӀончаш бу» аьлла, ишта цо сийсазйира иза эвхьаза лелачу зударех дIа а тухуш, и тайпа нах хьакъ бац «тIеман инарлин мах хадо» аьлла. Иштта кхерамаш тесира цунна, эскаран "сий дайъарна" жоьпалла тӀедожор ду аьлла.
Тхан редакцица къамел деш политологаша элира оцу кепара z-каппашкахь девнаш дийлараран бахьана -ахча ду аьлла. Ишта къуьйсу пропагандисташа, шайна Кремло кхачош йолу пачхьалкхан бюджет.