ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Жигараллин кеп хIиттор а, китайхойн конструктор а": Соьлжа-ГӀалахь дронаш кечйеш ахчанаш муха дойу


Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан университет, официалан сайтера схьаэцна сурт
Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан университет, официалан сайтера схьаэцна сурт

Соьлжа-ГӀаларчу мехкадаьттан техникан университето гергарчу хьесапехь 20 миллион ахча дайина дронаш йеш, дуьххьалдIа тIеман хьашташна лерина дронех хьакхалу. Талламаш дӀахьур бу Ӏедалца гергарлонаш долчу совдегаро, нохчийн журналистийн кхеташонан куьйгалхо хилла волчу. Цхьахйолчу тендерехула толамхо ву аьлла дIакхайкхо масех де дисча, цу декъехь Ӏилманан талламаш бан бакъо йу шен аьлла, регистраци йайтира цо. Хьенан интерес йу Нохчийчохь дронаш йайта ахча латтор теллира тхан сайто.

"Цхьа сиха хьашто хилар"

Пилот воцу кеманаш (БПЛА) даран декъехь кхиамаш бахар керла хӀума дац Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан техникан университетана. Масала, 2024-чу шарахь цо 26 миллион гергга ахча хьажийра мехкадаьттан а, газан а индустрехь БПЛА-ш вовшахтохарх а, царех пайдаэцарх а лаьцна талламан белхашна лерина.

Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан техникан университето гезгамашин-бутт чекхболуш зорбане йаха йолийра БПЛА-н декъехь таллам баран хьалха хиллачух къаьсташ йолу керла проекташ.

Цкъа делахь, церан практикан лелар билгалдаьккхина дац техникан Iалашонаш тӀехь. "Лаьтта бухулара аьчкан коммуникацеш гучуйахархьама" георадарца дронаш лелорах кхетадо "лаьтта бухара инфраструктура зеран а, карта хӀотторан а хӀаллак ца йеш йолу кепаш сихонца практикан оьшуш хиларца". Документаш тӀехь билгалдаьккхина дац, муьлха билггал йолу инфраструктура йу йийцаре йийриг.

ШолгIа аьлча, "сил чIогIа оьшуш болу талламаш" бийриг Iилманан йоккха фирма йац, Гуьмсера совдегар Юсупов Руслан ву. Оцу гIуллахкна йиллина аукцион кхайкхийна хиллашехь, толам цуьнгахь хир буйла хууш дара университетна.

Тендер дIахIоттийначу белхахочунна дицделла хилла контракта йукъара цуьнан цIе дIайайъа, цу тIехь цхьана а кепара цхьа а информаци хила йезаш йацара, хIунда аьлча, тендер хIинца а кхочуш йина ма йацара. Тхан сайтана гучуделира и тендеран документаш толлуш.

Цу кепара лаххара а шина тендерехь толам баьккхира Юсуповс. Иштта цунна гергарчу хьесапехь 5 миллион сом ахча лур ду университето, Оьрсийчоьно а, Украино а мостагӀчун тӀехьарчу меттигашна тохарш деш шуьйра лелош йолу дронашна аэродинамикан зераш дан гӀирс кечбан.

Ӏилманан талламаш бан а, "Ӏаламан а, техникан а Ӏилманийн декъехь" кхиамаш баха а бакъо йелла Юсуповна гIадужу-беттан 2-чу дийнахь, аьлла ду Федералан налогийн сервисан хаамашкахь. БПЛА-ш зеран система кечъйаран къовсам цул а диъ де хьалха дӀаболабелла, амма хӀетте а тендерехь толам баьккхира совдегаро, цо цхьаъ бен йоцу тендер дӀайелла дела.

Оццу Юсуповс хьалхо куьйгйаздинера Соьлжа-ГIаларчу университетца 5,1 миллион соьмана "аккумуляторан батарейн контроллеран" проект кечйан. Техникан Iалашонех лаьцна кхин кIорггера хууш хIума дац. Оцу йукъанна паччхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь йиллина хилла аукцион кхочуш хилла йоцуш санна билгалйаьккхина йу, дакъа лаца лууш хилларш йукъа ца битарна.

Дронийн батарейшна дуккха а каналаш йолу зарядка йеш йолу станци талларан а, кхиоран а рогӀерчу цу кепара тендеран жамӀаш дӀакхайкхийра лахьан-беттан 11-чу дийнахь оццу 5 миллион сом ахчанах. Толам баьккхинчу цхьаъ бен воцчу декъашхочух лаьцна хаамаш бацара. Техникан спецификаци тӀехь билгалдаьккхина ду, лелаш йолчу цхьана каналан зарядка йечу станцешкахь цхьана хенахь дронийн йоккха парк кечъйан йиш йац.

Тендер "шайчарна"

Шинна а агӀор лелон проекташ тIелаьцначу Юсупов Русланах Ӏедалан Ӏуналлехь болчу хаамийн гӀирсашкахь олу "нохчийн журналистикан серло". Шен къинхьегаман некъ цо дӀаболийра Гуьмсерчу "Красное знамя" (хӀинца "Гумс") газетехь.

2002 шарахь Сахаровн цӀарах совгӀат дира Юсуповна, оццу шарахь лакхара совгӀат кхечира Политковская Аннина а. Шен хьалхарчу кехат тӀехь Юсуповс дӀахьедира, ша "Ӏедалшна хазахетар дан цхьа а дош ца йаздина, царна оццул дукха критика йина, цхьаболу йешархой, шаьш кхунна дуьхьалкхетча, кест-кеста цецбуьйлу [иза] хӀинца а дийна хиларх". Амма бакъ ду, "Ӏедал" аьлча, цо дуьйцург дара "Дудаевн Ӏедал", ткъа иза Нохчийчуьрчу Ӏедална дуьхьал ву боху дӀахьедар дуьххьара шен кандидатурехь хьалхатеттира республикерчу зорбанан министраллан белхахочо.

ХӀетахь Юсупов Руслан болх беш вара Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь хиллачу Кадыров Ахьмадан пресс-гӀуллакххо санна, ишта цо куьйгалла дира йукъараллица а, хаамийн гIирсашца а болх бечу декъан, регионера индустрин а, совдегарийн а вовшахтохараллехь а. 2003-гӀа шо чекхдолуш Юсупов хаьржира Нохчийчоьнан журналистийн союзан куьйгалхо, ткъа 2006-чу шарахь куьйгалхочун администрацера парламентан аппарате дехьавелира иза, цуьнан информацин-аналитикан декъан куьйгалхо а хIуттуш. Цу шеран гIадужу-баттахь йийра цуьнан белхан накъост, Сахаровн совгӀатхо Политковская Анна.

Иттаннаш шерашкахь Кадыровн администрацехь Ӏедалехь болх бечу хенахь Юсуповна йелира Лермонтовн а, "Нохчийн Республикина хьалха дина гӀуллакхашна" а мидалш, ткъа иштта "Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиорна" орден а.

Юсупов хӀинца могӀарера совдегар ву. 2020-чу шарахь дӀакъевлира цо кхоьллина хилла "Созидание" цӀе йолу юкъараллин организаци.

Шина-кхаа стагана и дукха ахча ду, амма цхьа хIума йукъадаккха- кIезиг ду

Хьалхара шина шарахь гIуллакхаш тIехдика дара: "Спаркан" хаамашца, совдегаро 2019-чу шарахь Ӏедалан контракташца 73 миллион сом даьккхинера, ткъа 2020-чу шарахь цунна хилла са 80 миллионе йара.

Коьртачу декъана дуьйцург дара кӀоштийн администрацишна а, республикин куьйгалхочун гӀуллакхна а гӀортор йечу центрна а, туризман а, кегийрхойн гӀуллакхийн а министраллийн а даздарийн барамаш вовшахтохар. Украинехь тӀом болабелла шо тӀаьххьара "кхиаме" шо дара цунна- 45 миллион соьмана са хилира цунна. Дронийн таллам баран йиъ контракт, йерриг а 20 миллион сом мах болуш йара, и ахча ду совдегаро 2023-чу а, 2024-чу а шерашкахь Ӏедалан контракташкахула даьккхина ахча.

Нохчийчоьнан журналистийн цхьаьнакхетараллин куьйгалхо латтар тоаме дац дронаш кечъйан: цо чекхъйаьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет. Цхьана контрактан техникан спецификацино къеггина билгалдоккху, контрактхочо "болх бан говзалла йолу белхахой балха эца беза" аьлла. Вуьшта аьлча, контракт кхочушъйан йиш йац "субподрядчикаш" боцуш, ткъа Юсупов веккъа йукъархо ву царна а, проекташ кховдийначарна а йукъахь.

"Цхьаммо а жоп доьхур дацара оцу ахчанах"

Тендерашкахь биллина толам баьккхинчу долахь йолчу предприятино Гуьмсехь хӀинцале а йу дронаш арахоьцуш. Иза дIадолийра стохка охан-баттахь Путинан цӀарахчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь, де-факто Украинана дуьхьал тӀом бан йоллу Оьрсийчуьра нах кечбен центр. РУС-ан Оьрсийчоьнан официалан векало кхетийра оцу йукъанна, дуьйцург ду Китайра компонентех пайда а оьцуш, FPV дронаш вовшахтохар аьлла.

Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан техникан университетехь дронаш йарехь дуьйцург ду кхечу гIирсех- кеманан кепехь, 30 кила тIамана оьшу гIирс дIасалело йаккхий дронаш, документаци тIехь "Ӏалашонан пайде гӀирс" аьлла, билгалбаьккхина. Тхан сайто тендеран спецификаци гайтира Израилан тӀеман аналистана Шарп Дэвидна: цара кечйинарг баккъалла а тӀеман маьӀна долуш хила тарло, амма кехат тӀехь, аьлла хета цунна.

"Пункташ тӀехь билгалйоху цхьайолу хаза деталаш, цхьа мехала а, онда а хӀума деш хилар гайта лерина. Кхеташ ду, дронашна лаьтта чухула лела радар кхиоран хьокъехь дуьйцучу хенахь, тӀеман агӀор хьаьжча, минаш коьрте йогIу, дуьйцург аьчган минаш лехар ду", - тидам тIеузу цо.

Цхьана а кепара и проекташ кхочушйойла дац Нохчийчохь. Говзанчаш а, бух а цахилар дац и

Амма Соьлж-ГӀалахь "хьанна луш ду ца хуучу" цу тайпа ахчанаша билггал цхьа тIаьхьало йолуш кхачам боллу дронаш кечйийр йу аьлла, ца хета, бохура аналитико. Массо а талламийн субъекташна кийча сацамаш бу AliExpress-ехь - дуккха а зарядкаш, дронаш зеран чиркхаш - эца йиш йу, цул тӀаьхьа "шайн йолуш санна дIагайта йиш йу", билгалдоккху Шарпа.

"Хила тарло цара и ахча вовшашлахь декъна. Иза дукха ахча дац сил даккхийчу гIуллакхашна аьлла хьажийна долу. Шина йа кхаа стагана иза дукха ду, амма цхьана тобанна а, цхьаболчу кхиамашна а иза дIоггара дукха ахча дац. Цхьаммо а жоьпе озор вац и ахча бахьана долуш- ткъа, нагахь санна, жоп дехахь а, жоп лур ду, шаьш талламаш бира, амма цунах кхин гIуллакх ца хилира аьлла", – дерзадо шен къамел аналитико.

Цу кепарчу белхан цхьа могӀа тендерш дӀайолийра Нохчийчохь дронаш кхиоран программа къобалйинчул тӀаьхьа цхьа-ши бутт баьлча. Цу тӀехь кхайкхам бо республикехь Ӏилманан-талламан а, арахецаран а центр кхолла йеза "БПЛА-ш а, компоненташ а кхион а, арахеца а", ткъа иштта "цаьрца йоьзна роботийн системаш" а.

Федералан инициатива кхочушъйарехь республикана "конкурентийн аьтто" баккха таро йолу "нуьцкъала дешаран центр" санна хьахийна йу Соьлжа-ГӀалин техникан университет документ тӀехь. 2024-чу шарахь оццу университето барт бира ГIезалойчоьнан дронийн къийсадаларийн федерацица пилот воцучу авиацин декъехь цхьаьнаболхбаран хьокъехь.

Цхьа а билггал гIирсаш кечбойла дац Соьлж-ГӀаларчу университетехь ма-дарра аьлча: оцу йукъанна башхалла йац "муьлха карташ мичахь ду" йа "хьанна муьлха гранташ ло", билгалдаьккхира Америкерчу доларчу талламан Тафтс университетан Ӏилманчас, Оьрсийчоьнан герзахойн ницкъийн эксперто Лузин Павла Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь.

"Муьлхха а маьӀне Ӏилманан таллам бан а, Ӏилманан сурсаташ арахеца а, йа кхиамаш баха а аьтто бац Нохчийчохь. И проблема йеккъа цхьа говзанчаш цахиларца йоьзна йац а, йа гIирсаш буьззинчу барамехь ца тоар бахьана долуш дац. Нохчийчохь долчу дахарца доьзна ду", - бохуш, кхетадо къамелдечо.

Оцу йукъанна, Москва дуьхьал хир йац Нохчийчохь цу кепара Ӏилманан а, арахецаран а центр йан ахча латто, бохуш дуьйцу Лузина кхидӀа а.

"Мел а ахчанаш вуно дика хила тарлора тӀедогӀуш хилча. Амма и ахча кхачоран Ӏалашо йу- цхьаннан киса дуза, йа Нохчийчохь цхьана кепара Iилма ду аьлла, дIахьедан. Иза хилира нохчийн университетан спутникашца а, шаьш цхьа болх беш болуш санна жигаралла гойтуш а, китайхойн конструкторца а. Шаьш Нохчийчоьнел арахьа цхьа меженаш вовшахтуьйсу бохуш, дийцира хIетахь а", - аьлла, дерзадо говзанчо шен къамел.

  • Нохчийн студенташ йукъахь а болуш Курскехь лабараторихь кечйина "Союз" ракети тIехь "Ахмат-I" спутник хецна мангал-беттан 27-чохь аьлла, дIакхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо 2023-чу шарахь. Цо тIехь терго латтор йу хIаваан кеманийн дIасалеларна, иштта Нохчийн Пачхьалкхан Университетан студентийн аудиоца маршалла хаттар а гойтур ду, бохура. Космонавтикин популяризатор, Zelenyikot блоган автор Егоров Виталийс дийцира The Insider ресурсана, "Ахмат-1" спутник AliExpress-ра эцначу меженех йина йу, иза вовшахтасар, кечйар, дIахецар, "коьрта интеллектан болх", цунах мах дIабалар а Нохчийчох хила дац аьлла.
  • 2019-чу шарахь банкрот хилла "Чеченавто" завод йуха болхбан йолийра кхечу специализацица- автосалонийн метта цо оьшу гIирс латтабора Росгвардина. 2023-чу шеран лахьан-баттера дуьйна цигахь арахеца йолийра тIеман Iалашонашна аьлла кечйина УАЗ, ГАЗ машенаш. Оцу проектана гIо дира Москвара Бауман цIарах йолчу пачхьалкхан техникан университето. Цигахь арахецначу машенна цIе тиллира Нохчийчоьнан Iедалхоша "джихIад-машенаш" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG