"Деза тойнаш хIинца ца хIиттадо": Кадыров Адаман берхIийтта шо кхаьчна

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхозлагIчу кIентан берхIийтта шо кхечи. Стохка Адама зуда йалийча хIоттийначу ловзарга хьаьжча, цуьнан вина де кхин дIоггара даз ца дира- UFC-н рекорд йинчу Американ Цхьанатоьхначу Штаташкара веанчу Джонс Джонца цхьаьна йоккха топ кхусуш дерзийра. Цуьнан тойне веана хиллера иза. Тхан сайто къастийра, уггар а деза совгIаташ, дукха даржаш долчу, цу тIе шен ден метта хIоттон кечвеш ву бохуш дуьйцучу кIентан вина де иштта ледара билгалдаккхар стенца доьзна ду

"ХIуммах ца хаьа, хIумаъ а ца го"

Шен социалан машанашкахь йаздира 38 шо долчу UFC-н хиллачу латархочо, мехкан урхалхочо кхайкхарна ша Нохчийчу воьдуш хиларх лаьцна.

"Цуьнан кIентан 18 шо кхачар даздеш дIадаьхьира аса де, "экзотикан" герз а кхийсира, къаьсттина тайра суна РПГ (куьйга танкана дуьхьал туху гранатомет.-Редакцин билгалдаккхар). Суна хьалха цкъа а хIоттийна дацара оццул даар, паччахьо санна хIума кхаьллира аса", - йаздина Джонса шен Х-ра аккаунтехь.

Вина де даздечуьнца цхьаьна Гуьмсера "спецназан университетехь" а хилира латархо, цигахь 2022-чу шарера схьа дуьйна кечбеш бу йоллу Оьрсийчуьра Украинана дуьхьал тIом бан хьийсон йолахой. РПГ йоцург, Джонсана гайтира масех кхин а йоккха топ, автомташ, тапчанаш. Ша шена чIогIа реза а хиллера иза: "Уьш кхийтира, кхул хьалха а сан зеделларг хиллийла", - дIахьедира Джонса.

Адам Кадыров воцург цуьнца цхьаьна вара, масала, Нохчийчоьнан урхалхочун уллорчу гонера UFC -н чемпион Чимаев Хьамзат а, Альфредо Аудиторе цIарца гоьваьлла блогер а. Шо хьалха нохчийн Iедалхоша поп-ММА-н турнирашкахь латархой "харцахьа" леларна дакъалацар дихкинашехь, турнир дIайахьа гIоьртира иза. Шен Москвара Hype Fighting Championship лигехь латарш вовшахтуьйхира цо, бархI эзар билет а духкуш, эххар а ОМОН-о йукъахбаьккхира и барам. Блогер Соьлжа-ГIала варо гойту, цунна меттигерчу элито "гечдина" хилар.

Джонс Джон – UFC-н историхь уггар а къоначех чемпион ву, шен 23 шо долчу заманчохь йаьккхина цо и титул.

Адам чIогIа реза дац, муьлххачу мIаьргонехь хьал талха йиш йолуш ду

Америкахойн гоьваьлла чемпион Соьлжа-ГIала варах пайдаийцира масех Iалашонашкахь. Адамца цхьана хилла ца Iаш, Джонс Джонах цхьанан брендан амбассадор а вира. Муьлхачу брендан, цо цкъачунна хаийтина дац, амма цуьнца дуьххьарлера реклама машанехь хIинцале а гучуйаьлла. Йуьйцург йу гIишлошйаран «Квартал» компанин керла чохь нах беха комплекс, официалехь и тIейазйина йу Висмурадова ПетIаматна. Нохчийчуьра вице-премьеран, мехкан куьйгалхочун уггар а уллорчу доттагIчун Висмурадов Абузайдан нана йу иза.

Видео тӀехь чӀагӀдо, Путин Владимиран кӀоштарчу исс комплексах цхьаьнга хьаьжначул тӀаьхьа, цу чохь йу Чимаевн петар а, Джонса а цигахь бахам а эцна бохуш. Амма блогеро Носаевс инстаграмехь зорбане йаьккхинчу цхьана сторизехь хезаш ду гочдархочо олуш, йеккъа цхьа моттаргӀанаш лелайе, бакъдолчу кехатана куьйгаш ма йазде бохуш (КР-н йу и ролик.-Редакцин билгалдаккхар).

Цул совнах КадыровгӀеран доьзалан резиденце а валийра Джонс, цигахь забарш йеш летира иза нохчийн куьйгалхочуьнца. Политикан могашалла эшна йогIу, цуьнан куц-кепехь хийцамаш хилла, нахана хьалха наг-наггахь бен гучу а ца волу, цуьнан метта хIотто стаг лоьхуш ву бохуш, кхин тӀечӀагӀбина боцу хаамаш баьржинчу хенахь, UFC-н чемпион махка кхайкхар- кхин а цхьа бахьана дара, Кадыровгахь дика хьал ду аьлла, массо а тешийтар. Цуьнан пресс-гӀуллакххоша дIахьедарехь, доттагӀий болуш санна маракхетарх тера долу забарен латар - тоьшалла ду нохчийн куьйгалхо "дегӀан ницкъаца цхьаннал а оьшуш ца хиларан а, даим а иза спортехьа, могушаллехьа, ницкъехьа хиларан" а.

Кхин а цхьа "латар" нисделира Джонсан Чимаевца, америкахо охьа а вуьллуш, дирзира иза, ша "эшийначу" Кадыровн спортхочух вада а водуш. UFC-н фанаташкахула дIасайаьржира и ролик оцу сохьта.

Диъ шо гергга хеначохь Украинана тӀелатар дар бахьана долуш шуьйра санкцеш латточу Оьрсийчу Американ вахархо вар, къаьсттина Американ санкцеша лаьцначу Кадыровас кхайкхина веана хиларо Джонсан репутаци талхийра. Цул сов, социалан машанашка йазбеллачара бехкаш даьхна ца Iаш, цуьнан хилла дуьхьалонча Кормье Даниэл а хеттаршка велира, Америкехь Баркаллин Дийнахь шен доьзалца ца Iаш, стенна ваханера из Нохчийчу аьлла.

Цу дерригенна а доцца жоп делира КадыровгӀеран хьешо: "Суна хӀумма а ца хаьа, суна хӀумма а ца го. Суна хууш дерг ду, и стаг комаьрша хӀусамда хилар". Шен дешнаш тӀечӀагӀдеш, Джонса постаца цхьаьна сурт хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца даьккхина, ишта спортхочунна республикехула дIасалела йелла кортеж гойтуш видео а хIоттийра.

"ХIора воIана цхьацца говр"

Цу кеппара, Кадыров Адаман берхIийтта шо кхочучу дийнахь берриге а тидам цунна тӀебахийтина а боцуш, везачу хьешана тӀебахийтира. Иза дика бIостане ду хьалха доьзалехь хиллачу даздаршца дуьстича, вина де даздар бусулба нехан ламастехь дацахь а. Масала, Кадыров Рамзан винчу денна лерина Соьлжа-ГӀалахь даздо гӀалин де. 2008-чу шарахь махкара бахархоша дехнера боху и ши де вовшашца дуоза аьлла, йаздора меттигерчу хаамийн гӀирсаша.

Уггаре а тӀаьхьара хIоттийна хиллачу хьалдолчу барамех цхьаъ дIабаьхьира Нохчийчохь стохка мангал-баттахь. ХIетахь 17 шо долчу Кадыров Адаман дай баьхначу Ахмат-Юьрта, цо зуда йалийначу тойне баьхкинера федералан а, дуьненаюкъара а политикаш. Царна леррина бакъонаш йелира, ткъа бисинчарна йурт дӀакъевлира. Цу ловзаргахь видеош а, суьрташ а дахар дихкина доллушехь, Адаман той уггар а баккхийчу барамех цхьаъ хилира. Вукху шина вешин той иштта деза хIоттийна дацара. Интернетехь даьржира зуда йалийначо хIаваэ дашо тапча йеттар а, ишта гучуделира цуьнан пхьарсах дихкина хилла 550 миллион мах болу алмазийн сахьт а.

ХӀетахь тхан сайто хеттарш динчу политологаша бохура, сил доккха, шуьйра той хIотторо гойтуш ду, Кадыров Рамзан шегара Iедалан мукъ хьенан кара бала лууш ву. Амма хӀинца "шуьйра даздарш" йахначу заманахь дисина хӀума ду, аьлла хета политологна Айсин Русланна.

КХИН А ХЬАЖА: Наха дийриг а шайна тIейаздар ду? Кадыров Адам а, ГIазза секторера бахархошна гIо дар а

"Адам халкъана дIагайтар, схьагарехь, дирзи. Кхеташ ду, гергарчех иза хила тарло шен ден метта. Амма суна хетарехь, Кремлехь кхин дIоггара реза бац цунна. Адам ханна жима хиларе терра, цуьнан зеделларг дац, йа авторитет а йац. И мел чIогIа "айварх", мел чIогIа дуьненна дIаэхьарх, Кадыров хенал хьалха кхалхар нислахь, цуьнан метта хIоттон верг йа Алаудинов Апти ву, йа Делимханов Адам ву. Делахь а Кадыров шен ма-хуьллу хьожур ву гIирсаш а, даржаш а шен кланехь дисийта- хIора йишина-чIуг, хIора воIана- цхьацца говр кхачийта", - бохура Айсина.

Кадыров дIаваьлча цуьнан метта цу шиннах цхьаъ хир ву аьлла хета ишта Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан информацин декъан куьйгалхо волчу Музаев Сайханна а. Амма бакъду, хинволчу "толамхочух" ца хьега иза. "Уггар а чолхечу заманчохь мехкан куьйгалла дан "аьтто хир бу": бахархой бертаза тIамтIе хьийсор бу кхин дIа а, халкъ чIогIа реза дац, мичча хенахь а хьал эгIа тарло. Iедал Кадыров Адаме дала тарло, суна хетарехь, амма, нагахь санна, Кадыров Рамзан дийна висахь. ТIаьххьарчу ролика тIехь гуш ду, цуьнан гIуллакхаш Iаламат ледара хилар".

Формалехь мехкан урхалла дийр ду цхьаммо, ткъа вуьшта КадыровгIеран тайпан карахь дуьсур ду Iедал

"Важные истории" гIирсо билгал ма-даккхара, Кремлехь хьал дуладелла делахь а, цигахь Кадыров Адаман кандидатура йийцаре йеш йацахь а, цуьнан дена шен кIант бен ца го мехкан куьйгаллехь. Оцу йукъанна Къилбаседа Кавказехула хьал толлучу аналитикна Чемберс ХIарольдана хетарехь, билгалбаьхначу кандидатех цхьаммо урахалла дан тарло республикин, амма билгалдоккху цо тахана куьйгаллехь волчун къар ца валар.

"Кадыров шен ма-хуьллу дукха проблемаш кхолла гӀерта, Адам воцчун аьтто ца балийта хьийзаш. Иза цо деш ду ахчанца а, цунна зуда йалорца а", - аьлла хета экспертна.

Тхан редакцин хьостанаша дийцарехь, Делимханов Адаман гергара йоI йу Кадыров Адамна йалийнарг. Цу гӀуллакхо сигнал йелира тайпанна дуьхьало йар эрна хиларх, цо чӀагӀйийр йу 18 шо долчу Кадыровн позици, боху Чемберса.

Оха хеттарш динчех цхьаммо, иза а ву Къилбаседа Кавказехула говзанча (цуьнан цIе ца йоккху оха кхерамзаллин бахьанашца), бохура КадыровгIеран карахь Iедал дуьсур ду аьлла хета шена а.

Цо карладаьккхира, хӀинцалерчу куьйгалхочун цунах тера дахаран истори хилла хилар. Рамзан, хӀинца Адам а санна, шен ден, дуьххьарлерчу Оьрсийчоьнехьа волчу президентан Кадыров Ахьмадан кхерамазаллин сервисан куьйгалла деш вара. 2004-чу шарахь Кадыров вуьйчу хенахь Рамзанан 27 шо дара, ткъа Алханов Ӏалус формалан кепехь кхин а кхаа шарахь куьйгалла дира республикан. Кадыровн низамехь кхаьчна хила деза 30 шо ма-дуьззи, Алхановс шен дарж дитира, ткъа Кадыровс, президентан Путинан хьехарца, регионан куьйгалхочун дарж дӀалецира.

"Хетарехь, изза хьал хIинца а хир ду: формалехь мехкан урхалла дийр ду цхьаммо, ткъа вуьшта КадыровгIеран тайпан карахь дуьсур ду Iедал. Хаттар стенца ду аьлча, тайпано Адам хьалхатоттур вуй-те? Шен ден санна, цуьнан 27 шо ма дац, 18 кхаьчна хIинцца. Иза кхиазхо ву, хьекъале, тIаьхьало йолуш, зеделларг долуш, вистхила хууш вац. Адам хир ву аьлла ца хета суна, мел а ханна воккхо верг хир ву", - аьлла хета къамелхочунна.

Билгалдаккха догӀу, хӀинца, цуьнан 18 шо кхаьчча бен бакъо йацара Кадыров Адаман цхьа могӀа совгӀаташ эца. 2023-чу шарахь Соьлж-ГӀаларчу СИЗО-хь КъорIан дагорна бехке вечу Журавел Никитана йиттинчул тӀаьхьа цунна дала долийра уьш. Амма бакъду, шен 15 шо кхаьчча дуьйна кхиазхочун бакъо йара машен лело Оьрсийчохь а, ОАЭ-хь а, цигахь машен лело бакъо йац берхIийтта шо кхаьчча бен.

Карарчу хенахь Кадыров Адама Ӏуналла деш ду Нохчийчохь кхоьллинчу тӀеман министраллан Бенойн БойсгIаран а, Шайх Мансуран а батальонийн а, Гуьмсехь йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а, республикера йоллу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан системин а. Охан-баттахь иза иштта хилира Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретарь. БерхIийтта шаре ваьллачу цуьнан хӀинца дуьйна дезар ду хIора шарахь хIотточу декларацихь шена тIебогIучу пайданах хаамаш гучубаха.

  • Кадыров Рамзанан могушаллица проблемаш йу бохуш, даьржинчу хабаршна йуккъехула йуха а дийцаре деш ду Нохчийчохь Ӏедал хийцадала тарлуш хиларх долу хаттар. Махкахбаьхначу оппозицин декъашхойх къаьсташ, республикерчу бахархойн цу хила тарлучу хьокъехь хетарш тайп-тайпана ду – дукха хьолахь бӀостане а хуьлуш. Тхан редакцино къамел дира кеп-кепарчу хенашкахь болчу нохчашца, царна регионан кхане муха хир йу аьлла хета дуьйцуьйтуш.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже хIоттон тарлучех уггаре а хьалха лаьттачу шина кандидаташлахь ву "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти а, Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а. Цхьацца долчу хӀуманашца и шиъ вовшех тера велахь а- ший а инарлин даржехь ву, церан биографеш а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йолу юкъаметтигаш а къаьсташ йу.