Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша, зударшна дихкина божарша къоман духаршца лелочу бустамех пайдаэцар, таIзар догIу Кадыровн векал маьрша ваьккхина -цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион I24-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь цхьана чуьра виъ стаг тIамтIе хьажийна нуьцкъаша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #124
Бертаза тIамтIе бахийтина доьзал
Нохчийчуьра цхьана доьзалера веа стаге тIеман министраллица бертаза куьйгаш йаздайтина Украинана дуьхьал тIаме бахийта. Церан гергарчу стагера "даьллачунна" иштта таIзар дина царна, дIахьедо оппозицин NIYSO боламо.
Видео зорбане йаьккхина цара, тӀеман барзакъ доьхна виъ стаг тIехь а волуш. Шаьш ДадаевгӀеран доьзал бу боху цара: Ӏадлан а, цуьнан ши кӀант Ислам а, Асхьаб а, вешин кӀант Адам а. Дадаев Ӏадлан нохчийн маттахь вистхуьлу шен гергарчуьнга, Хьамзате, иза бехкево, цо шен "бага дӀа ца къовларна", шайга тӀеман министраллица "контракт йайтина" бохуш. Дадаев Адаман вешин кӀанта бахарехь, доьзалан кхин некъ бацара.
NIYSO-но чIагIдо, доьзалера цхьаъ, Дадаев Асхьаб, кхиазхо ву, цуьнан 17 шо бен дац бохуш. ХIетте а муха куьгйаздайтина цуьнга, хууш дац, амма бакъ ду Къилбаседа Кавказехь дуьххьара дац кхиазхой тIаме эхийтар.
КХИН А ХЬАЖА: Проблемаш йац, критика йац, журналисташ а бац. Муха хIаллакйина Нохчийчохь дешан маршоБоламан векалша хаам бира, ДадаевгӀеран доьзал Украине хьовсорна бехке чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан лерринчу полкан буьйранча, Евроберто а, Цхьаьнатоьхначу Пачхьалкхо а санкцеш кхайкхийна волу Чалаев Замид ву аьлла. Тоьшалла санна цара зорбане йаьккхина Чалаевн инстаграман агIонгара видео. Цу тӀехь цо дIахьедо, "сийна тIекхийдинчу" стеган гергарнаш – хетарехь, буьйцурш кадыровхой бу, тӀаме хьийсош бу аьлла. Чалаевс бахарехь, доьзало дехар дина хилла, "шайн йахь йоцчу кӀентан эхь-бехк дайъа", шаьш тӀом бан дахийтахьара аьлла. Чалаевс билгал ца даьккхина, ша вуьйцург мила ву а, йа оцу нахана тIаьхьа довларан билггал хӀун бахьана ду а. ХIинца и видео оцу агIонехь йац.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь некъан бохамехь доьзалера кхоъ стаг велла. Бехке лору "Ахмат" полкан командиран кIантСтохка дечкен-баттахь Дадаев Ӏадлан а, цуьнан воккхаха волу кӀант Ислам а Ӏалхан-ГӀалахь шайн хӀусамера лачкъийнера кадыровхоша. ХӀетахь боламо хаам бина ма-хиллара, дозанал арахьа веха Дадаев Хьамзат цIа воьхуш, цуьнан меттана закъалтана лаьцна латтийра уьш. ТӀаьхьо ша Хьамзата видео дIайазйира, эмиграцехь "Iедалхошна товш боцчу нахаца" шен цхьанакхетар хилла аьлла, оцу тIехула ницкъахоша бехкаш дехкина шена аьлла. Цуьнан гергарчу нахана кхерамаш туьйсура, Хьамзат цӀа ца верзахь, дойъур ду шу, йа тӀаме хьийсор ду аьлла.
Нохчийчоьнан Ӏедалша дукха хенахь дуьйна лелош хIума ду, цхьанна таIзар деш бертаза нах тIаме хьийсор. Украинана дуьхьал тIом болабелчхьана махкара дукхазза хаамаш кхочура оппозиционерийн гергарнаш лечкъош бу ницкъахоша бохуш. Шайггара дуьхьал даьхначу гIуллакхашкахула бехкаш а дохкуш, бертаза тIаме хьийсабора могIарера нах, ткъа хIинццалц схьа шаьш лаккхара алапаш а луш, пачхьалкхан чоьтах кхаьбна эскархой "декхарна дуьхьал" дIахьийсабора.
Нохчийн зударшна керла дехкарш
Дахначу кIиранах Нохчийчохь керла дехкар йукъадаьккхира меттигерчу зударех болчу бахархошна аьлла: хIинца дуьйна царна мегар дац божарийн къоман духар тIехь хуьлу бустамаш зударийн кучамаш тIе дахка. Зударийн гIуллакхашна дуьххьара йукъагIертар дац хIара, церан хатI цхьана кепара хилийта хьийзаш. Тхан сайто къастийра, оцу керла йукъадаьккхинчу хIумана тIехь билггал хIун ду а, и хьанна оьшуш ду а.
Оцу доза тохарх лаьцна дIахьедира Нохчийчоьнан синбахамаллин министраллан куьйгалхочо. "Махкахь зударийн духарш тоьгуш мел болчаьрга" бинчу кхайкхам тIехь билгалдаьккхина ду зударийн духаршкахь божарийн къоман духаран элементаш лелор "ламастан гӀиллакхашна а, културан мехаллашна а дуьхьал ду" аьлла. Масал далош хьахийна бустамаш - уьш патармаш чудахка Iалашонца кисанийн кпехь чоана тIетегна ду некхан шина а агIор.
КХИН А ХЬАЖА: Дезачу деношкахь зезагаш, вуьшта дош ала бакъо йоцуш: Нохчийчуьра зударшкара хьалКъилбаседа Кавказехь зударийн бакъонаш ларъеш йолчу "Марем" кризисан тобано йемал дира керла дехкар. Цара кхайкхам бира пачхьалкхан белхахошка, "зударий хIаллак ца байта", царна тIехь ницкъ ца байта доьналлин а, сийлаллин а кхин билгалонаш ларйайта йеза аша аьлла.
Зударийн духаршкахь "боьршаллин элементаш" лелор дехкар - кху баттахь Нохчийчохь зударшна шолгӀа официалехь дина дехкар ду. ГIадужу-бутт чекхболуш царна тӀедиллинера, коьртахь йовлакх доцуш чуьра ара ма довла аьлла. Коьртахь йовлакх доцуш гуш болчарна кхерамаш туьйсура, дIа а дигина "кхетош къамелаш" дийр ду аьлла. Цуьнца цхьаьна республикехь дихкина ду никъаб лелор а.
Нохчийн зударийн куц-кеп нисдан буьйлабелира рогIера республикера йедда хилла жима ши зуда йийначу йукъанна. Йуьйцург йу - Баймурадова Ӏайшат а, Оздамирова Алия а. Баймурадова йийна карийначул тIаьхьа Нохчийчуьра куьйгалло бух боцуш бехкаш дехкира оцу зуламна цунна гIо динчу бакъонашларйархошна. Ткъа Соьлж-ГӀалахь тергал ца дира Оздамирован кхалхар.
КХИН А ХЬАЖА: "Кхузахь ламасташ – урхалла ден гIирс бу": Нохчийчуьра зударшна керла дозанаш диттинаХӀинццалц културан министран даржехь лаьттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоӀана Кадырова Ӏайшатна оьшуш хила мегаш ду зударшна дина керла дехкарш. ХӀара шо долалуш шен даржера дӀа а йаьлла, бизнес лело йоллу ша аьлла, дIахьедира цо. Цуьнан уггаре а гӀарайаьлла бизнес йу Firdaws цӀе йолу модан цӀа, вуьшта и йоцург кхин а бизнесаш йу цо лелош. Цуьнан сайта тӀехь чIагIдарца, дизайнерийн тобано "болх бо эхь-бехк долчу бакъйолчу модан сегментехь", оцу трендехь духарца оьздангалла чӀагӀйо.
Модан цӀийнехь болчара дIахьедо, шаьш "нохчийн ламастан хотIах а, вайнахийн кепех а" хьакхаделла ду, ткъа шайн духар "элеганте хатI гӀоле хетачу, шайн културана тешаме болчу божарийн а, зударийн а харжам бу" бохуш.
Кадырова Iайшат а, Firdaws а Евробертан а, Американ а санкцешна кӀел йу. Украинана тӀелатар дале хьалха, и компани гӀоьртира дозанал арахьа, ишта Европехь а цхьаьна, бизнес лело. ХӀинца, модан цӀийнан коллекцеш кхин а "ламасте" хилла дӀахӀиттина. Шайн хIусаме богIучу зударшна коьртахь лело йовлакхаш арахоьцу цара, "кхеторан къамелаш" ца дайта, ишта нохчийн Ӏедалан лехамашца дуьззина догӀуш долу духарш а.
Политологна Айсин Русланна хетарехь, Нохчийчуьра Iедала хийцалуш ду бохуш дуьйцучу йукъанна, нохчйин зударшна тIехь контрол латто Iалашонца Кадыровн зудаберашкара хила йиш йу хIара декхарш. Ишта дийцира Айсина:
"Оцу дерригенан маьӀна ду, цкъа делахь, дерриг а Ӏедалан урхалла дар беккъа цхьана доьзална кхачор. ХӀунда аьлча, со кхетарехь, Нохчийчохь Кадыровс дийцаредеш ду Ӏедал цхьаьнга дIадалар, аьлча а, шайн доьзалехь дисийтар. Оцу гIуллакхана а ма оьшу цхьацца боламаш, цхьацца идеологин а, политикан а гӀулчаш".
Масална аьлча, царна оьшу шайн йоI, кӀант, кӀентан кӀант, нуц, захалойх верг, иштта кхин дIа берш а Iедалца боьзна хилийта. Ткъа массарна а доккха-доккха дакъа кхачон аьтто ца хиларна, ишта кегий дакъош а деш, дIасадекъа деза, массара а цхьатерра духарш а лелош. Ткъо оцу доллучунна а тIехь Iуналла латтор ду, масала, Iайшата. Суна ца хета, Кадыровс ша иштта хьесапаш деш ду аьлча, амма логикаца догIуш хета ишта цара лелочуьнга хьаьжча. Йукъарчу хьесапехь аьлча, пачхьалкхо културан агӀор мел лелориг цIархазмана хуьлу, даима а тIехь терго латтон Ӏалашонца.
Цкъа делахь, официалан культура йу, тӀаккха халкъан культура йу. Уьш кест-кеста къовсаме нисло. Масала, нохчийн ламасташка хьаьжча, цигахь диктатор хуьлуш вац. Тюркийн эла хилла, амма вайнехан ишта ламаст хилла дац. Цундела Кадыров ламасташна арахьа ву кхузахь. ТӀаккха и йоллу трендаш – мода йелахь а, йацахь а – йерриш а Кадыровх гIоьртина йуьсу.
Кадыровс иза мода йу алахь, тӀаккха мода йу-кх иза. Кадыровс и ламаст ду бахахь, тIаккха ламаст а ду-кх и.
Со чIогIа тешна ву, исбаьхьаллин историкашца а, культурин говзанчашца а, фольклорхошца а цхьа а дагаваьлла вац аьлла. Бакъдерг аьлча, цхьаммо а йа хаьттина дац: хьан, маца, хIун лелийна тIехь. Иза беккъа, бахархошна Ӏаткъам бен гӀирс бу. МуьтIахь хиларан принцип а йу: нагахь санна, ахь цара лелош долу духар ца леладахь, и ламаст тIеоьцуш хьо вацахь, йа цунна дуьхьал хилахь, тӀаккха хьо тешаме вац".
Кадыровн векал тIамтIе вахийтина
ТIеман министраллица контракт а йина, тIамтIе ваха лиъначу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Калининградан кIоштара векалан Романов Альбертан лаам кхочушбина кхело. "Ростовера кхелахойн" гIуллакхехь цхьаъ бен воцу къаъ белларг вара иза, йаздо «Коммерсанто».
Талламо бехкевира Романов кхелахочунна кхаъ бала гIортарна, иза хиллера цуьнан шичин, адвокатан Кузнецов Романан гIуллакх луьстуш.
ТӀаьххьарниг бехке винера "Энергия" компанин 40 миллион сом ахча лачкъорна. Низамхойн аьтто ца баьлла, кхаъ дIабала дагахь Романов хьаьнца зIене ваьлла хилла къастон, амма цу гӀуллакхан мах хадийна I0 миллион соьмаца. Оцу схемехь дакъалоцуш хилла боху Ростовн кӀоштан кхелан урхаллан куьйгалхо Рощевский Андрей а, кӀоштан кхелан куьйгалхо Золотарева Елена а.
Кадыров Рамзанан векало шена буьллу бехк тIе ца лоцу, цо бахарехь, зенаш хиллачу нахана гIоьнна гулдеш вара иза и ахча. Бехкебечаьрга хеттарш дан декхаре бара кхелахой, амма Романов тIамтIе вахийтар бахьана долуш, цунах гIуллакх ца хилла.
Оцу гIуллакха йуккъехь хилла Золотарева Елена лаьцнера 2023-чу шеран товбеца-баттахь, ша шена тоьхна йала а гIоьртинера иза. Цуьнан а, цуьнан гIовсан Юрова Татьянин а хIусамех хьоьвсинера, Золотаревера схьадаьккхинера I28 миллион сом а, 27 эзар евро а, ишта дашо, беза маз болу ювелиран хIуманаш а.
Кадыровн метта хинверг къуьйсу Кремлехь
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан могушалла эшна йогIу бохуш, дийцарш даьржинчу йуккъехула Кремлехь къийсам болийна, цуьнан метта шайн-шайн стаг хьалхаваккха хьийзачу цхьаццайолчцу структураша. "Важные истории" хаамийн гIирсо бина цунах лаьцна хаам.
Карарчу хенахь ФСБ-хь болх бечу цхьана стага шен цӀе къайла а йаьхьна, дийцина журналисташка, Кадыров шегара Iедалан мукъ шен 17 шо долчу кӀанте Адаме бала лууш ву аьлла. Амма президентан администрацина Нохчийчоьнан хинволу куьйгалхо "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти хилийта лаьа, и хаам тӀечӀагӀбина кхечу хьостано а, Къилбаседа Кавказехь болх бина хиллачу къайлахчу сервисийн белхахочо.
КХИН А ХЬАЖА: Наха дийриг а шайна тIейаздар ду? Кадыров Адам а, ГIазза секторера бахархошна гIо дар аМосквара хьаькамаша Алаудинов "кху заманан хила ма-веззера нохчийн ницкъахо" лору, бохуш дуьйцу. Оцу йукъанна цуьнан цӀе йузу Нохчийчуьрчу "къайлахчу набахтешкахь" Ӏазап латтор даржорца. Тайп-тайпанчу шерашкахь цунна санкцеш кхайкхийра Америко а, Латвино а, Британино а, Украино а, адамийн бакъонаш талхорна а, луларчу пачхьалкхана тӀелатар дарна а.
ФСБ-н векалш дуьхьал бу Алаудиновна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун метта хьоьху цара мехкан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волу Делимханов Адам, йаздо "Важные новости" хьасто. Стенна боьзна бу и церан харжам, хууш дац. Оцу йукъанна чIагIдо президенто Путин Владимира цкъачунна сацам бина бац цу хьокъехь бохуш, цуо а Кремлехь лаьтта хьал кхин тIе а карзахдоху.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн кочалла: цамгарх а, валарх а къамелаш стенна долийна Нохчийчоьнан куьйгалхочоНохчийн урхалхочун могушаллица хьовзам баларх лаьцна эладитанаш дийца долийра 2023-чу шарахь дуьйна, "Новая газето" йаздарехь, зорхан йекхоьнан некроз олу лазар токхуш ву Кадыров. "Эхо Москвы" радиостанцин коьрта редактор хиллачу Венедиктов Алексейс бахарехь, жаннашца бала хьоьгуш ву мехкан куьйгалхо.
ХӀетахь дуьйна Кадыровн пресс-гӀоьнчалло кест-кеста зорбане йохуш йара спортзалехь а, кхечанхьа а тренировкаш йеш йолу видеош. Уггаре а тӀаьххьара видео, шо гергга хан йаьллачул тӀаьхьа, зорбане йаьккхира гIадужу-бутт чекхболуш. Цу тӀехь нохчийн куьйгалхочо пхоьазза гергга штанга айъира вижина а Iуьллуш. Амма хаалуш дара, гIора цуьнгахь цахилар.
***