Ниццехь хилла бохам: Нохчийчуьра ворхI беран нана йийна цуьнан хиллачу цIийндас

Арсанукаева Ларисин доттагIаша даржийначу суьрташ тIехь кечйина коллаж

Ниццехь 39 шо долу нохчийн зуда, ворхI беран нана йийна цуьнан хиллачу цIийндас. Шен нанна иза тIе ца кхачийта дуьхьало йина цуьнан йоккхаха йолу йоӀ дарбан цӀийне кхачийна. Цу зуламан теш хилла кхо шо долу бер а. Цу бохамо Iадийра Францехь бехачу нохчийн диаспора, ткъа Ниццехь тезетан барам дӀабаьхьира. Хиллачух лаьцна хууш долчух лаьцна дуьйцу тхан материалехь.

Арсанукаева Лариса йийна лахьан-беттан 4-чу дийнахь, 7 беран нана йара иза, царех пхиъ дас дӀадигина, шеца лелош хиллера. Шаьшшиъ дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа цо гойтуш дацара нанна и бераш.

Францерчу хаамийн гӀирсаша дийцарехь, цуьнан хиллачу хIусамдас Алибиев Башира, иза ша а ву Нохчийчуьра, шен шина йоIаца иза цIа йогIучу заманчохь кIело а йина, урс диттина зудчунна. Цуьнан йоккхаха йолу йоӀ шен да сацо, шен нанна дуьхьалхIоьттина хилла боху, тIаккха Алибиевс цунна а цхьана урс тоьхна. Арсанукаева йелла, цо йинчу чолхечу чевнех, ткъа цуьнан йоӀ халачу хьолехь дарбан цӀийне кхачийна. Кху шарахь бакалавран диплом эца кечлуш а йара йоI.

Алибиев лаьцна цо зулам динчу меттехь. Тоххарра а чохь жимма хан йаьккхина ву иза, доьзалехь гIело латторна, амма 2024-чу шарахь Францин кхело аравалийтинера иза, цул совнах пхеа беран доладар а цунна тIедиллинера.

ХIара мехкан чуьра проблема йац. Дозанал арахьа кхин а хала ду

Ниццехь йехачу Арсанукаеван доттагӀчо дийцира тхан корреспонденте, и зуда хийрачу махкахь ша цхьаъ а, эгIаза а йара бохуш: кест-кеста шен хиллачу хIусамдас а, цуьнан гергарчара а кхерамаш туьйсура цунна, баганаш лейора, дуккхаза а полицица зӀене а йаьллера иза орца доьхуш. Цхьана хенахь шен шина йоӀаца даймахка цӀайерза лууш хиллера иза, амма берийн дегара пурба доцуш, и шиъ Францера арайаккха аьтто ца баьллера цуьнан. Арсанукаеван нана, бохура къамелдечо, виза кечъйеш йара, охан-баттахь шен йоӀ йолчу схьайан дагахь.

Йийначун доттагIчо бахарехь, Ларисин хIусамдена даьккхина кехат дара, психикаца лазар долуш ву аьлла, амма, цунна хетарехь, ша лелориг хIун ду а хууш, Iалашонца лелаш стаг вара иза. Хьалххе ша бехказаваккхийта кехат а кечдина хиллера цо. Баширехь йолчу заманчохь кест-кеста йеттара цо Ларисина, иза сийсаз а йеш. Масийтаза цуьнгара дIа а йахара иза, амма хIораза а, иза тIаьхьара а ца волий, йуха йоьдура.

"Дуккха а наха бехкаш доху Ларисигара: нагахь санна цо ша оццул чIогIа балехь латтош хиллехь, хӀунда Iаш йара иза цуьнца, оццул дукха бераш а стенна дора цо. Цунна везара иза, и цхьаъ ду. ШолгIа- Лариса ненан цхьаъ бен йоцу йоI йара, цундела боккха доьзал шен хила лууш йара иза. Цу тIе даима а къиза ма вацара иза цуьнца, дика йуъаметтигаш хилла церан, дов даьллачул тӀаьхьа, даима а уггаре а хьалха берта вогIура иза ша", - боху накъосто. Цо бахарехь, Арсанукаева тешна йара, шен цIийнда цхьана дийнахь меттавогIур ву, тоххара санна иза щеца хир ву аьлла.

Алибиев Баширан да цхьана хенахь Нохчийчоьнан Ӏедалехь даржехь хилла ву, "хӀинца а тешна ву иза, оцу гӀуллакхо шена бакъо ло нахана тӀеӀаткъам бан а, мила-муха ваха веза къасто а", - бохуш дуьйцу кхин дӀа а къамелдечо. Цо бехкедо ишта зуда йийначун да-нана а, Арсанукаева хьийзорна а, шайн кӀант цунна дуьхьалвахарна а.

Ша Алибиевс инстаграмехь лелош аккаунт йара, цигахь цуьнан статусехь йаздина дара: "Я Пахан и твой муж да я слышу тебя моя рабыня" (орфографи ша ма-хиллара йитина). Оцу дешнаша ша ма-варра схьагойту и муха стаг вара, бохура тхоьца къамел динчу Ларисин доттагIчо.

Дала орца доцуш

Ниццерчу нохчийн диаспорин векало (шен цӀе йовзийта реза ца хилира иза редакцица къамел деш) хилларг инзаре бохам бу бохура, цо чӀагӀдора хIара хилларг дуьххьара хилла хIума дац бохуш. "Дуккха а зударий бу доьзалехь бен ницкъ ловш, массо а хIумана са а тоьхна Iаш, шайн берех ца бовла", - бохура цо.

Цо дагадаийтира, Нохчийчохь, ур-атталла муфтиято наношна гӀортор йеш нахана хьалха дӀахьедарш дахь а, ма-дарра дийцича, цигахь кест-кеста нисло бераш зударшкара схьа а дохуш, дега йа цуьнан гергарчаьрга дӀалуш гӀуллакхаш.

"Иза йеккъа цхьана республикана чуьра проблема йац. Дозанал арахьа кхин а хала ду: културан а, социалан а дуьхьалонаш бахьана долуш зударий эгIаза хуьлу. Лариса кхузахь дала орца доцуш, тIетовжа стаг воцуш, ша цхьаъ йара – шен проблемаш йалхо меттиг бацара цуьнан",- боху диаспорин векало.

Зуда шайх дIахадайо, цо хIусамдена арз дахь, "доьзале эхь деана" олий лору

Европерчу пачхьалкхашкахь кризисан центраш а, зударшна лерина тховкӀелонаш а, ницкъ лайна нах ларбеш долу низамаш а ду лелаш. Амма, къамелдечо дийцарехь, и механизмаш тоьаш йац кавказхойн зударшна гӀо дан: "Проблема йу уьш йукъараллех бозуш хилар, ткъа цигахь божарша церан метта шайггара сацамаш бо. Цуьнга ладоьгӀначул тӀаьхьа, цара олу: "Доьзалан гӀуллакх ду иза".

ХIусамдас зуда йийна меттиг цхьана Францехь хилла ца Iа. 2016-чу шарахь Германерчу Зенфтенберг гӀалахь 32 шо долчу Рашид цIе йолчу нохчочо шен хӀусамнана йийра. Цо цкъа хьалха 19-зза урс диттинера цунна, цул тӀаьхьа корехула аракхоьссинера иза. Ша охьайоьжча, вилспеташ дIахIитточу бIогIамах кхеттера иза. Цул тIаьхьа иза дийна йуйла шена хиъча, охьа а воьссина, шен пхеа беран нана кхин а тIе йиттина, йийнера цо. "Цуьнан корта схьа а лаьцна, доьазза логах урс хьаькхира цо", - аьлла, тоьшалла динера кхелехь тешо.

Прокуратуро велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоха цунна бохуш, дехнера, амма кхело 13 шо хан туьйхира киллерна, динан а, културан а факторийн Ӏаткъамца лелла иза. Цу тIе ша лелочух кхачам боллуш кхеташ ца хиллера иза аьлла. Германехь эргIадалла эккхийтира цу сацамо.

ХӀетте а, низамаш кхиъначу пачхьалкхашкахь а, хьалха хиллачу хӀусамдегара кхерам хиларх тоьшалла дан дукха хьолахь вуно хала хуьлу, цундела зударий кхидӀа а ницкъ ловш дIа хан йоккхуш Iа. Цхьа кӀеззигчийн бен аьтто ца хуьлу шайгахь бала латточу стагах дIахада, бераш шайгахь дитийта а, керла дахар доло а.

Марехь пхи шо даьккхинчул тӀаьхьа шен шина бераца Францехь йехаш йолу нохчийн зуда Луиза дIайахара майрачуьнгара, шена цо йеттар бахьана долуш. Цо дийцарехь, цуьнан хиллачу цIийндас йеттара цунна, цо дийцарехь, даим а цунах шек волуш. Цул совнаха, кхунна бекхам беш, цо таӀзар дора ишта берашна а, цаьргара телефонаш схьа а йохуш, йуург ца латтош. Цуьнан хIусамдас шен кисана дуьллуш хиллера, хIора баттахь кхарна тIедогIу социалан ахчанаш а.

Европехь Луизин гергарчех цхьа а вацара, цуьнан тIетовжийла йацара, ма –дарра аьлча. Цуьнан майрачо хаддаза тIехдетташ хиллера цунна: "Хьан вала да вац, хьо хьанна оьшу? Цхьана дийнахь аса лаьттах йуллур йу хьо, соьгара хьо йаккха стаг а вац".

"Ас полице дIахаийтира, хIунда аьлча, кхин дIа детта са дацара сан. Кхело дихкира цунна, суна а, тхан цӀенна а, иштта берашна а герга ван. Со теш хIоттийна, Iадатехь йитина йац цо хIинца а, суна-м ца оьшу цуьнан йитар, цуьнан балех тхаьш девлчхьана", - дуьйцу цо.

Австрера Элиза а йу хIусамдас хьоьгуьйтучу баланех йаьллачех. Шаьш къаьстина Iаш дара и шиъ, новкъахь-нацкъар стаг а воцуш. Массарна а моьттура, хIорш Дала делла Iаш бу: диъ бер, чохь Iен йоккха хIусам. Марзхой кхечу пачхьалкхехь бехара цуьнан, цIийнда балхаца вара, Элиза бераш лелош, чуьра гIуллакхаш деш Iара, инстаграмехь шен блог лелош, цунах гIеххьачул пайда а хуьлуш схьайогIура.

Амма йукъаметтигаш де-дийне ийгIина йогIура – цIийндас ницкъехь латтабора хIорш. Муьлххачу а бахьаница йеттара цо шен зудчунна. Боккха синтем бара Элизин нана уллохь хиларна, гӀуллакх боккъал а чолхе даьлча, йодий нана йолчу йоьдура иза. Нанна чIогIа лаьара, хIара шен марехь чекхйала, нанас хаддаза дехарш дора цуьнга йуха гIахьара хьо, берашна да а, нана а оьшу бохуш. Шен дахар масална даладора цо — дегара а, дехошкара а хуьлуш гIо а доцуш, ша цхьамма Элиза хьалакхиорах.

Бакъдерг бакъ хила деза: дуккхаъ а зударий бу доьзалехь ницкъ ловш

Элиза йуха а шайн юкъаметтиг дIанисъйан гӀоьртира, цӀа а йирзина, амма кеста церан йуха а дов делира- майрачо цуьнан мара кагбира. Цул тӀаьхьа полице йахара иза. Эххар а цуьнан хIусамдена дихкира кхунна пхи метр герга вар, кхерам тесира, шаьш чу вуллур ву аьлла. Элиза хӀинца дӀакъаьстина йеха хIусамдех. Цуьнан бераша дукхахйолу хан шайн деца йоккху, амма уьш кест-кеста богIу нана йолчу а. Йухайаха дагахь йац иза: шен ненаца йехаш йу, шен гӀуллакхаш деш, хIусамдех дIакъастар- шен уггаре а дика сацам хиларх тешна йу иза.

"Дийнна шо ийшира суна меттайан. Со психологна тIе а ихира, тхан бусулба йукъараллехь и къобалдеш хIума дацахь а. Амма со цу некъах чекхйелира – меттахӀоьттина со, сайца хилла лазам дӀа а баьккхина. Ткъа хӀинца керлачу дахарна суо кийча хета суна. Дерриг а дика ду сан хIинца", - боху Элизас.

Нийса а дац, харц а ду массо а нохчийн божарий доьзалехь зударий балехь латтош бу аьлча. Шен цIе йаккха ца луучу республикерчу социолога тӀечӀагӀдарехь, къаьсттина чIагIло и проблема, доьзалехь гӀо а доцуш, юридикан гӀо кхачо аьтто а боцуш йисча. Ишттачу хьолехь цуьнан аз дукха хьолахь цхьанна а ца хеза.

"Бакъдерг дийцича: дуккха а зударий беха доьзалехь ларам боцуш, церан бакъонаш иэшош, шайггара цхьана а кепара сацам бан, гIулч йакках йиш йоцуш", - боху къамел динчо.

Цо билгалдаьккхира, иза йеккъа нохчийн проблема йац аьлла. Иштта хIума нисло дуккхаъчу патриархалан йукъараллашкахь, цхьайолчу меттигашкахь тӀеӀаткъамбар алсам хуьлу, йукъаралла мел а къевлина хуьлу, ларвала аьттонаш кӀезиг бу.

Социологна хетарехь, хьал тӀаьхь-тӀаьхьа бен хийцалур дац. Цундела кӀенташна а, йоӀаршна а жимчохь дуьйна хьеха деза, адамна тIехь ницкъ бар къобал дан йиш йоцийла. Зударшна гӀо дан аьтто хила беза - психологин а, йукъараллин а, юридикан а. Церан деша а, болх бан а, йукъараллехь дакъалаца а таронаш хила йеза, ткъа божаршна уьш накъостий санна ган беза, шен йалхо иза йолуш санна а ца хеташ. Цу тӀехь гӀо дойла йу синан хьехамчийн а, хьехархойн а, баккхийчеран а- шайн леларехь зударшка болу ларам дIа а гойтуш. ТӀаьхь-тӀаьхьа цу гӀуллакхо йоллу йукъараллин ойланаш хуьйцур йу, аьлла хета къамелдечунна.

Лахьан-беттан 8-чу дийнахь Ниццехь Арсанукаева Лариса а, цу гӀалахь ницкъ бина кхиберш а дагалоцуш дӀайаьхьначу митингехь дакъалоцуш вара 300 сов стаг. Цигахь дакъалаьцначара кхайкхам бира нохчийн зударшна дуьхьал деш долу зуламаш хьул ма де аьлла, цара тIедожийра луьрачу таIзарца Алибиевна бекхам бе аьлла.

Цигахь хиллачу цхьаммо дӀахьедира, шен майрачунна латкъам бан йаьхьна зуда диаспорехь херйо аьлла: "Цунна гӀортор ца йо, иза тесна йуьту, цо динарг "доьзална тIе эхь дар" санна тIеоьцу", - бохура цо, жоьпалла диаспорин куьйгалхошна тӀе а тоттуш.

  • CK SOS кризисан тобано а, доьзалехь ницкъ хьоьгучарна гӀо дечу "Марем" центран бакъонашларъярхоша а йукъахь гIо дира Баймурадова Iайшатана Нохчийчуьра арайолуш. 2025-чу шеран гIуран-баттахь Ереване дехьайаьккхира иза, кхерам боцчу меттиге. ГIадужу-беттан 15-чохь Баймурадован доттагIаша орца даьккхира, йоI йайна аьлла. Шен цхьана доттагIчуьнца Иминова Кариница цхьанакхета йахначул тIаьхьа зIенера дIайаьллера иза. Цул тӀаьхьа масех де даьлча Ӏайшатан дакъа карийра Ереванехь цхьана петар чохь. Дукха хан йоццуш гучуделира, 2019-чу шарахь терроризмна ахча латторна бехке а вина, массо а бехкех мукъаваьккхина нохчийн махкахо Байсаров Сайд-Хьамзат а, Иминова Карина а тIаьххьара Баймурадова гинчех хилар.
  • Нохчийчуьрчу Гуьмсера 23 шо долу Устрада-ГIалара Умаева Мадина йелла карийра 2020-чу шеран товбеца-баттахь. Оцу буьйсанна катоьхна дIайоьллина а хиллера иза. Мадинин гергарчара чӀагӀдора, марнана йукъахь а йолуш, церан дов иккхинчу хенахь майрачо йийна иза бохуш. УмаевгӀара дийцарехь, цуьнан марнанас а, майрачо а бехке йина хиллера иза берашна луш долу ахча дайъина, оцу тIехула хIусамдас буйнаш бетташ, шена кара мел кхаьчна хIума тIе а йетташ, лечу хьоле йаьккхина хиллера иза. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан йукъавеара и хьал талла дагахь. Цу девна йукъахь мел хиллачаьрца гулам дIа а баьхьна, цо декхарейира йийначу йоьIан нана Довлетмирзаева ХутIмат шен нуц а, цуьнан нах а къинтIера баха, ша "доцург дийцарна".